ЕДЮО " Юные Кадыровцы"
21.02.2021
Вайн махкахь х1ора шарахь ткъе кхоалг1ачу февралехь билгалдоккху Даймехкан г1аролхочун де! Цу дийнахь вай сий-ларамца билгалбоху т1еман г1уллакхца шайн дахар доьзнарш! Д1аяханчу хенахь хиллачу а, т1ейог1учу хенашкахь а хир болчу салтийн ларам бо. Дезде д1адахьаран ламастех ду т1еман ветеранаш декъалбар, х1олламашна зезагаш дахкар, дезчу дийнан концерташ а, мероприятиш а д1аяхьар, дуккха а нах бехачу г1аланашкахь шатлакхаш кхийсар! Мехкан синтем ларбархьама кхуллуш ду эскарш. Россин Эскарийн мог1аршкахь г1уллакх дар сийлахь декхар ду Россин х1ора а гражданинан. Иза билгалдаьккхина ду мехкан коьртачу документа т1ехь – Россин Федерацин Конституци т1ехь. Вайх х1орамма а дукха а безаш, ларбан беза вайн Даймохк.
Ткъа ишта и де лерина ЕДЮО " Юные Кадыровцы" активисташ д1аяхьара мероприяти 6-8 классашкахь